Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, шен бедарш схьа а яьхна, кхин бедарш а юьйхина, меттаматтал арахьа, Далла хьалха цІена йолчу метте, чим дІабахьа беза цо. Дуткъачу кІадих йина еза коч тІеюха еза цо тІе, дуткъачу кІадих йина чухула юху хІума а, доьхка а, чалба а хила еза цунна тІехь. Уьш деза духарш ду, шен дегІ хица дила а дилина, юха еза цо уьш тІе. Динан дай цу чу бахча, церан арахьарчу керта бовла йиш яц, шайна тІера Далла гІуллакх дечу хенахь лелош йолу бедарш охьаяхккалц, хІунда аьлча и бедарш а еза ю. Цара шайна тІе кхин бедарш юха еза, ткъа цул тІаьхьа бен халкъ долчу арабовла йиш яц церан». Адамаш долчу арахьарчу керта шаьш довла дезачу хенахь, цара чохь гІуллакх дечу хенахь шайна тІехь хуьлуш йолу бедарш дІа а яьхна, уьш езачу чоьнаш чохь йита еза. Цул тІаьхьа цара шайна тІе кхин хІума юха еза, шайн бедарех хьакхабаларца адамашна тІе йозалла ца йоссийта.
Выбор основного перевода