Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цІий гуламан четар чу дахьа деза. Шен пІелг цІий чу а Іоьттина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхІазза цІий пІелга тІера дІатоха деза цо. Шен пІелг стеран цІий чохь баша а бина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхІазза цинцаш дІатоха деза динан дас. Цундела дерригенна а тІехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан. ШолгІачу цІа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цІий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тІера даьккхина долу. Нагахь эсийн а, гезарийн а цІийно а, дагийначу шинарин чимо а, шайна уьш тІетоьхча, товрат-хьехамаша ма-бохху, бехбинарш цІанбеш хилча, Дукхазза а Ша сагІина дІавала ца ваьлла Иза стигала хьала, хІора шарахь а шен доцу цІий а оьций, Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу воьду динан коьрта да санна.
Выбор основного перевода