Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къинна дуьхьал даьккхинчу сагІин цІий а эцна, шарахь цкъа АхІарона оцу кхерчан маІаш тІе хьакха деза и цІий, кхерч цІанбархьама. Шуна тІаьхьенна гуттаренна а шарахь цкъа кхерч иштта цІанбан безаш бу. Везачу Элана хьалха уггар беза кхерч бу иза». ШолгІачу цІа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цІий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тІера даьккхина долу. Дукхазза а Ша сагІина дІавала ца ваьлла Иза стигала хьала, хІора шарахь а шен доцу цІий а оьций, Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу воьду динан коьрта да санна.
Выбор основного перевода