Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьатерра бакъонаш хир ю исраилхочун а, шуна юкъахь Іаш волчу стеган а». «ВорхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха, цу дийнахь къинош дІадахаран де хир ду шун. Массо а хІума шайна доьхкуш, марха а кхабий, Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа даккха. «Оцу ворхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь аша беза гулам дІахІоттабе. Массо а хІуманна тІера марха а кхобуш, цхьа а тайпа болх ма бе цу дийнахь. Наха хоьтту: «Оха марха кхобу, Хьуна хІунда ца го иза? Тхо кІезиг хилар гойту оха, цуьнан тидам хІунда ца бо Ахь?» Везачу Эло боху цаьрга: «Шаьш марха кхобучу дийнахь шайн лаам кхочушбо аш, кхечарна а хала белхаш бар тІедуьллу. Иштта дуй те Суна лууш долу марха, стага шена ницкъ бен а, маргІало санна, шен корта охьатаІабен а, шена кІел сингаттаман бедарш а, чим а туьйсу де? Цунах олу ахь марха долу а, Везачу Элана дезаш долу а де?
Выбор основного перевода