Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуткъачу кІадих коч йоза, иштта, чалба а, доьхка а де дуткъачу кІадих. Доьхка тир яьккхина хила деза. Дуткъачу кІадих, гІодаюкъара гІогІаш тІе кхаччалц дегІ хьулдеш, бедар кечъе царна. И бедарш АхІаронна а, цуьнан кІенташна а тІехь хила еза, уьш гуламан четар чу богІуш а, езачу чоьнна чохь гІуллакх дан сагІа доккхучу кхерчана тІе богІуш а, царна тІе бехк а биллина, уьш хІаллак ца хилийтархьама. АхІаронна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а тІедиллина хІума ду иза». АхІарон а, цуьнан кІентий а, схьа а балийна, хица лийчийра Мусас. АхІаронна тІе коч а юьйхина, юкъах доьхка а дихкина, тІехула оба юьйхира Мусас, юха тІе ийпад а юьйхина, юкъах ийпадан доьхка а дихкира, цуьнца АхІаронна тІехь ийпад а чІагІйира цо. Езачу меттехь шен дегІ а дилина, ша лелош йолу бедарш тІе а юьйхина, аравер ву иза. Шена а, халкъана а тІера дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду цо, ша а, халкъо а летийна къинош дІадахархьама.
Выбор основного перевода