Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шена тІера къинан сагІина лерина старгІа а йийна, ша а, шен цІийно а летийна къинош дІадохур ду цо. Исраилхойн боьха гІуллакхаш а, зуламаш а, къинош а цо иштта дІадохур ду уггар езачу чоьнна тІера. Изза цо дан деза гуламан четарца а, хІунда аьлча иза меттаматтана юкъахь лаьтташ ду, ткъа и меттамотт Далла хьалха цІена бац. АхІарон, уггар езачу чоьнна чу къинош дІадаха а вахана, араваллалц, цхьа а стаг гуламан четарна чохь хила мегар дац. Иштта ша а, шен цІийно а, дерриг а исраилхойн халкъо а летийна къинош дІа а даьхна, Везачу Элана хьалха болчу сагІа доккхучу кхерчана тІе а вахана, иза цІанбан беза цо. СтаргІин а, божан а цІий цхьажимма кхерчан массо а маІана тІе хьокхур ду цо. Езачу меттехь шен дегІ а дилина, ша лелош йолу бедарш тІе а юьйхина, аравер ву иза. Шена а, халкъана а тІера дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду цо, ша а, халкъо а летийна къинош дІадахархьама.
Выбор основного перевода