Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Юха халкъ дІадахийтира ЮшаІа. Массо а шен-шен цІа, шен декъа тІе, дІавахара. Цул тІаьхьа Везачу Элан ялхо, Нунин кІант ЮшаІ, кхелхира. Цуьнан бІе итт шо дара. Шен лаьттан декъа тІехь, ГаІаш-ломана къилбаседехьа болчу Эпрайман лам тІехь лаьттачу Тамнат-Серахь цІе йолчу гІалахь, дІавоьллира иза. Исраилан халкъо ЮшаІ дийна волчу хенахь Везачу Элана Іамал йора. ЮшаІ кхелхича, цул тІаьхьа бисина, Везачу Эло исраилхошна дина дика гІуллакхаш гина болу къаной болчу хенахь а йора цара Везачу Элана Іамал.
Выбор основного перевода