49
Уьш хІора а, Абу-Малика санна, гаьннаш а даьхна, цунна тІаьхьахІоьттира. Цара шаьш схьадеана долу гаьннаш БаІал-Бартан цІенна кхераме йоцучу чоьнна улло охьадехкира. Царах цІе а латийна, цу чохь мел хилларг а вагийра цара. Иштта вагийна дІаваьккхира Шехеман бІаьвнна чохь хилла волу цхьа эзар хиллал стаг. Царна юкъахь зударий а, божарий а бара.