3
Цуьнан майра, хьала а гІаьттина, цунна тІаьхьавахана. Иза цига вахаран Іалашо, цуьнца доггах къамел а дина, иза ша волчу юхаерзор хилла. Ша цига воьдуш, цо шеца шен ялхо а, ши вир а йигна хилла. Цуьнан гІарбаш-зудчо иза шен да волчу чувигна. Къоначу зудчун дас, иза шена гича, чІогІа хазахетта, цунна дуьхьал а веана, даггара цуьнга маршалла хаьттира.