Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Цхьана а кхечу деланашна тІаьхьа ма хІитталаш, цхьана а шайна гонах хир долчу кхечу къаьмнийн деланашна а тІаьхьа ма хІитталаш, Везачу Эло Мусага элира: «Хьо хІинца, дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву. ТІаьхьо хІара халкъ, Суна тешнабехк а бина, ша тІедоьдучу оцу лаьттан нехан деланашна тІаьхьахІуттур ду. Цара Со дІатосур ву, цара Ас шайца бина болу барт талхор бу. ХІунда аьлча суна хаьа, со дІакхелхича шу баккъалла а телхина хир ду, ас весет динчу некъа тІера шу дІадевр ду. Хан яьлча, шуна тІе халонаш хІуьттур ю. Иза хир ду шайн Везачу Далла хьалха аша зуламаш дийр долу дела, шайн куьйгаша дечуьнца Иза дар а волуьйтуш».
Выбор основного перевода