Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Ткъа нагахь санна аша шайна юкъара цу мехкан бахархой дІа ца лелхабахь, царах шуна юкъахь бисинарш шун бІаьргашна кІохцалан коьллаш а, шун агІонаш тІе Іиттало мехий а санна хир бу. Цара шу дехаш долу латта гаттадийр ду шуна. Шун Везачу Дала шайн кара дІалуш долу массо а халкъаш аша хІаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гІуллакх а ма делаш, хІунда аьлча уьш шуна дІахІиттийна йолу речІанаш хир ю. хаалаш: шун Везачу Дала дІалохкур дац и халкъаш шу долчуьра. Ткъа уьш шуна гур а, ор а, пІендаршна тІе шед а, бІаьргашна чу баІ а хилла дІахІуьттур ду. Эххар а шу тІепаза довр ду шун Везачу Дала шайна деллачу исбаьхьчу кху лаьтта тІера. Церан зудабераш шайна маре а далош, шайн зудабераш церан кІенташка маре дІа а дохуьйтуш, церан деланашна гІуллакх а деш, Іаш хилла уьш. Церан цІушна Іибадат а дора цара, тІаьххьара а царах гур а хилира царна.
Выбор основного перевода