Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха Исраилан халкъ Везачу Эле орца дохуш дІахІоьттира. Цундела Везачу Эло Килабан жимах волчу вешин Кхеназан кІант Іотниал вахийтира цига. Цо исраилхой кІелхьара а бехира. Халкъо юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца дехира. Ткъа Везачу Эло Бен-Яманан тайпанах волчу Герин кІант АхІуд вахийтира Исраилан халкъ кІелхьардаккха. Иза ша гезолг вара. Исраилан халкъо АхІуд вахийтира муабахойн паччахь волчу ІегІлонна совгІаташ эцна. Абу-Малик веллачул тІаьхьа кхин цхьаъ а гІаьттира Исраилан халкъ кІелхьардаккха. Иза вара Иссарханан тІаьхьенах волу Додин кІентан Пувин кІант ТовлаІ. ТовлаІ Эпрайм-лаьмнашкахь лаьтташ йолчу Шамир-гІалахь вехаш вара. цІаданхойн а, Іамалекхахойн а, маІунхойн а карахь долуш аша Соьга гІо доьхура. Аса цу нехан карара шу схьа ма дехира. ХІинца берах а хилла, ахьа кІант вича, цуьнан корта дІа ма башийта, хІунда аьлча иза хьан кийрахь волчу хенахь дуьйна Дала къобалвина назархо хир ву, иза Исраилан халкъ пІелаштамхойх кІелхьардаккха волалур ву». ТІаккха Везачу Эло ГадІаний, Беданний, Яптаххьий, Шамъаллий, шуна гонах лаьттачу мостагІех шу кІелхьардаха аьлла, бахийтира. Цул тІаьхьа шу, шайна гонахьара цхьа а кхерам боцуш, даха хевшира. цундела Ахьа церан мостагІашна уьш дІалацийта пурба делира, ткъа мостагІаша царна дукха зуламаш а дира. Амма шайна тІе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дІахІиттира. Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугІура, Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кІелхьарбохурш а лора, ткъа цара уьш мостагІийн зуламах кІелхьара а бохура. И дерриг а хилла диъ бІе шовзткъе итт шеран хенан йохалла. Цул тІаьхьа Шамъал-пайхамар куьйгалле вāллалц Дала кхелахой белла царна.
Выбор основного перевода