Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шена исраилхойн узарш хезча, Дала ойла йира Ша ИбрахІимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а барт барх лаьцна. Исраилхойн узарш хезира Суна, уьш, мисархойн леш а хилла, баланехь хилар гира, тІаккха Сайн цаьрца хилла барт дагабеара Суна. Везачу Эло Шен халкъ бехказа а доккхур ду, Шена гІуллакх дечарах Цо къинхетам а бийр бу, церан куьг гІелделла Шена гича а, набахтехь берш а, арахь берш а ца бисча. Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира. амма и къам ша лелийначу вонах дІадерзахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац. Шайга бохучуьнга ла а доьгІна, шаьш лелаш болчу вочу некъа тІера дІаберза мегара уьш. ТІаккха Аса, дохко а ваьлла, цара лелийначу вочунна Айса бан лерина болу бохам царна бийр бацара.
Выбор основного перевода