Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Я цаьрца а, я церан деланашца а барт ма бе. Ларлолахь, хьо дІавогІуш болчу махкарчу нахаца берта ма гІолахь, иза хьуна гур санна ца хилийтархьама. Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. Церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дагаде, церан цІу-деланаш дІахедабелаш, оцу харцделанийн цІераш а дІаяхалаш оцу меттера.
Выбор основного перевода