Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Вовшах тийса а луш, галдевр ду шу туьрах девдча санна, шайна тІаьхьаваьлла цхьа а воццушехь. Шайн мостагІашна дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун. Цундела ца ян елла исраилхошка шайн мостагІашна дуьхьало. Уьш царах бевдда, шаьш-шайна хІаллакбаран кхел йина дела. Со кхидІа шуьца хир вац, нагахь Суна лерина хІуманаш аша шайна юкъара дІа ца яхахь. Хьала а гІаттий, халкъ даз а дай, ала нахе: „Іуьйре тІекхачале, цІан а лой, дІахІитта, хІунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: ‘Суна лерина йолу хІуманаш, аша схьа а эцна, шуна юкъахь ю, исраилхой. Шайна юкъара уьш дІаяххалц, шу мостагІашна дуьхьал латталур дац’. Амма царна шайн Дела волу Веза Эла вицвелира. Царна дуьхьал тІом бина болчу пІелаштамхойн а, Муаби-мехкан паччахьан а, Хьацор-гІалин тІеман хьаькам волчу Сисрин а куьйга дІабелира уьш Везачу Эло. Иштта, Везачу Эло дІатеттира дерриг а Исраилан халкъ. Цо дуккха а баланаш тІе а бахкийтира цунна, талорхойн кара дІа а белира уьш. ТІаьххьара а Шена гучуьра дІа а бехира Везачу Эло исраилхой.
Выбор основного перевода