Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Везачу Эло шайн мостагІашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхІ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду. Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаІална а, Іаштартана а, арамхойн а, цІаданхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а, пІелаштамхойн а харцделанашна Іамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Іамал ечуьра севцира уьш. Церан цІушна Іибадат а дора цара, тІаьххьара а царах гур а хилира царна. Цундела оьгІазвахара Веза Эла Шен къомана, дегаза хийтира Цунна Шен долахь берш. ТІаккха Цо уьш хийрачу махкарчу нехан кара дІабелира, тІаккха царна тІехь куьйгалла деш церан мостагІий дІахІиттира. МостагІаша гІело йора царна, церан куьйга кІелахь уьш къера хилла дІахІиттира. Исраилхоша БаІалан а, Іаштартан а цІуш дІабехира. Уьш Везачу Элана бен гІуллакх а ца деш дІабуьйлабелира.
Выбор основного перевода