Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Гуттаренна а хьан тІаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тІаьхьенийн а Дела хир ву. Ас барт бина цаьрца, КанаІанан латта царна дІалур ду аьлла. Цу лаьтта тІехь Іаш бара уьш, амма иза церан долахь дацара. «Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг. аш цаьрга иштта дІаала: „Вай Мисар-махкахь пирІунан леш дара, амма Везачу Эло вай арадехира Шен ондачу куьйгаца. ТІаккха вайн бІаьргашна хьалха Везачу Эло тамашийна гІуллакхаш а, Іадоран билгалонаш а гайтира Мисаран халкъана а, пирІунна а, цуьнан массо цІенна а тІехь. Ткъа Везачу Эло вай цигара ара а дехира, дІа а дигира, вайн дайшна чІагІо а еш, лур ду аьлла долу латта вайна схьадалархьама. Везачу Эло Мусага элира: «Хьо хІинца, дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву. ТІаьхьо хІара халкъ, Суна тешнабехк а бина, ша тІедоьдучу оцу лаьттан нехан деланашна тІаьхьахІуттур ду. Цара Со дІатосур ву, цара Ас шайца бина болу барт талхор бу. Цундела ю цу меттиган цІе Бухим (иза «доьлхурш» бохург ду). Цигахь цара Везачу Элана сагІанаш дехира. Везачу Элан Малик деара ГадІан цІе йолу цхьа стаг волчу. Малик, схьа а деана, Іапру йолчохь лаьтташ долчу ножан дитта кІелахь охьахиира. И дитт, Абу-Іезаран тайпанах а волуш, Юаш цІе йолчу цхьана стеган дара. Юаш ГадІанан да вара. Цу хенахь ГадІан кемсийн мутт схьадоккхуш йолчу меттехь кІа цІандеш вара, иза маданхойх къайладаккхархьама.
Выбор основного перевода