Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хІокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кІезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хІун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла. Цо шуна яьссачу аренгахь манна олу кхача баабора, шуна а, шун дайшна а хІун ю а хиъна йоцу, шайн кІезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, тІаьхьа шуна дика дархьама а, ахьа оцу пайхамаре я оцу гІенаш гуш волчуьнга ла ма догІалахь, хІунда аьлча ишттачу хІуманашкахула шу зуьйш ду шун Везачу Дала. Цунна хаа лаьа, шайн Веза Дела шайн мел долчу дагца, шайн мел долчу синца шуна везий те. Цхьадолу къаьмнаш цу лаьтта тІехь а дитина, цкъа а канаІанхойн махкахь тІом база болу исраилхой зен лууш хилла Веза Эла. И къаьмнаш дитина хилла цаьргахула исраилхой зерхьама, цара Везачу Эло Мусагахула шайна тІедиллинарг кхочушдойла хьожуш.
Выбор основного перевода