Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша. Шайн Веза Дела виц а вина, БаІал а, Іаштарт а цІераш йолчу харцделанашна Іибадат дора цара. Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Везачу Эло муабахойн паччахь волчу ІегІлонна Исраилан халкъана дуьхьалхІотта ницкъ белира. АхІуд веллачул тІаьхьа а исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Исраилан халкъ юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело доладелира. Цундела Везачу Эло уьш ворхІ шарна маданхойн кара дІабелира. Цу буссехь Везачу Эло ГадІане элира: «Хьайн ден бежанашна юкъара шолгІа сту (ворхІ шо кхаьчна берг) схьа а эций, хьайн дас кечйина йолу БаІална сагІа доккху меттиг йохае. Иштта цунна уллохь лаьтташ болу Ашера-далла лерина болу дечиган бІогІам, хадабай, схьабаккха. ГадІан веллачул тІаьхьа исраилхой, Везачу Элера дІа а бирзина, юха а БаІал-деланашна тІаьхьахІиттира. Шайн дела БаІал-Барт а хаьржина, Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаІална а, Іаштартана а, арамхойн а, цІаданхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а, пІелаштамхойн а харцделанашна Іамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Іамал ечуьра севцира уьш. Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Цо уьш шовзткъа шарна пІелаштамхойн кара дІабелира.
Выбор основного перевода