Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
«Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хІара весеташ аш кхочуш ца дахь, нагахь Сан парзаш дІа а теттина, Ас тІедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь, Ас шуна таІзар дийр ду. Кхерам а, хІоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тІе. Цара шун бІаьрса а гІелдийр ду, синош а бІарздийр ду. Аш ялта дІадер эрна хир ду, шун мостагІаша иза дуур долу дела. Ас Сайн оьгІазло шуна дуьхьал яссор ю, тІаккха шу мостагІаша эшор ду. Шуна тІехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тІаьхьаваьлла цхьа вацахь а. Оцу массо а гІуллакхел тІаьхьа аш Соьга ла ца догІахь, шун къиношна Ас ворхІазза сов таІзар дийр ду шуна. Шун чІагІъелла куралла йохор ю Ас, стигало догІанан тІадам а лур бац шуна, латта, тІулг санна, чІагІлур ду шун. Эрна хир ду аша къахьегар, лаьтто ялта лур дац шуна, дитташа стоьмаш а лур бац. Цул тІаьхьа а шу, Суна дуьхьал а девлла, Соьга ладугІуш ца хилахь, Айса ден долу таІзар ворхІазза совдоккхур ду Ас аш къинош леторна. Шуна тІе арара акхарой хоьцур ю Ас. Цара шун бераш а дойур ду, шун даьхни а хІаллакдийр ду. Шуна юкъара дукха нах цара байарна, шун некъаш дассалур ду. Цул тІаьхьа а шу, нис а ца луш, Суна дуьхьалдовлахь, Со а вер ву шуна дуьхьал. Ас ворхІазза сов таІзар дийр ду шуна аш къинош леторна. Бекхам беш долу тур доккхур ду Ас шуна дуьхьал, аш Соьца бина барт бохорна. Нагахь шу шайн гІаланаш чохь шаьш лардайта гуллахь, Ас шуна тІе ун хоьцур ду, тІаккха мостагІийн карагІур ду шу. Дисина напха дІадоккхур ду Ас шуьгара. Итт зуда хир ю шун бепиг цхьана пешахь доттуш. Оза а узуш, лур ду шуна иза. Аша и бепиг дуур ду, амма шу меца дуьсур ду. Нагахь цул тІаьхьа а, Соьга ла а ца дугІуш, шу Суна дуьхьалдовлахь, Ас, оьгІазаллица шуна дуьхьал а ваьлла, ворхІазза сов таІзар дийр ду шуна аша къинош леторна. Шайн кІентийн а, мехкарийн а дилха дуур ду аша. ЦІушна сагІа доккху шун баьрзнаш дохор ду Ас, малхана лерина хІиттийна бІогІамаш хедор ду, ткъа шун декъий бохийначу шун цІушна тІе кхуьссур ду. Шу дегаза хетар ду Суна. Шун гІаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цІушна Іибадат деш долу цІенош а дассор ду, аш деанчу сагІанех хьожа а йоккхур яц. Шун латта дассор ду Ас, цу тІехь баха охьахевшина шун мостагІий цецбовллал чІогІа. Шу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду Ас, шуна тІаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гІаланаш а йохийна Іохкуш хир ю. ТІаккха ерриг а ша дассийна Іиллинчу ханна лаьтто токхуьйтур ду шена дина зен, садаІаран шераш ца даздаран бахьана долуш. Шу шайн мостагІийн махкахь долчу хенахь лаьтто садоІур ду. ДІатесна Іуьллучу ерриг а хенахь лаьтто садоІур ду, шу цунна тІехь Іаш долуш, шена садаІа дІа ца еллачу ханна. Шух дийна бисначеран дегнашка кхерам тосур бу Ас, уьш мостагІийн мехкашкахь Іачу хенахь. Дегочу гІанан гІовгІанах а бовдур бу уьш. Туьрах санна, бовдур бу уьш, охьа а оьгур бу, цхьа а тІаьхьа ца ваьллашшехь. Вовшах тийса а луш, галдевр ду шу туьрах девдча санна, шайна тІаьхьаваьлла цхьа а воццушехь. Шайн мостагІашна дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун. Кхечу къаьмнашна юкъахь Іаш а долуш, дІакхелхар ду шу, шайн мостагІийн лаьтто дІа а кхаьллина. Шух дийна биснарш, шайн а, шайн дайн а харцонаш бахьана долуш, шайн мостагІийн мехкашкахь маргІалбулур бу. ТІаккха шайн а, шайн дайн а харцонашна уьш къера хилахь (цара Суна дуьхьал зуламаш дарна а, уьш Суна дуьхьал бовларна а, Со а ваьлла царна дуьхьал, церан мостагІийн махка уьш йийсаре а балийна), церан аьрха дегнаш къарделча а, шайн харцонех цара гІуда текхча а, Суна дагабогІур бу Якъубаца а, Исхьакхаца а, ИбрахІимца а бина барт а, дагадогІур ду латта а. Исраилхойх дисна долу латта, царах дасса а делла, зовкх хьоьгуш хир ду ша садоІучу шерашкахь. Шайн харцонашна цара декхар токхуш хир ду, Ас тІедиллинарг кхочуш ца дарна, Сан парзаш тІе ца эцарна. Ткъа иза иштта делахь а, уьш шайн мостагІийн лаьтта тІехь Іачу хенахь а, Со царах дІавоьрзур вац, уьш хІаллакбархьама дІа а тосур бац, Сайн цаьрца болу барт ца бохорхьама, хІунда аьлча Со церан Веза Дела ву. Айса церан дайшца бина барт дагабоуьйтур бу Аса исраилхойн дуьхьа. Дерриг а халкъашна хьалха церан дай Мисар-махкара арабехира Ас церан Дела хилархьама. Со Веза Эла ву». «Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догІахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тІедиллинарг кхочуш а ца дахь, хІокху неІалтех хьалхадевр дац шу: НеІалт хир ду шуна гІалахь а, арахь а. НеІалт хир ду шун ялтин тускаршна а, текхашна а. НеІалт хир ду шух схьадаьллачу чкъурана а, шун лаьттах схьабаьллачу стоьмана а, шун стерчех а, уьстагІех а схьадаьллачу дохканна а. НеІалт хир ду шуна чудовлуш а, арадовлуш а. Шена тІера шу дІадерзарна, аш дечу муьлххачу гІуллакха тІехь Везачу Эло неІалт а, дохар а, вон болх а хуьлуьйтур бу шуна, шу хІаллакьхилла дІадовллалц. Шун доладан тІедоьлхуш долчу лаьтта тІера Ша хІаллакдина дІадаххалц, Везачу Эло лен цамгар кхоьтуьйтур ю шуна. Везачу Эло хІоралла а, хорша а, хьу кхетар а, йокъа а, бовха мох а, мекха а хоьцур ю шуна тІе. Цара хьийзор ду шу хІаллакьхиллалц. Шуна тІехуларчу стигалех цІаста хир ду, бухаларчу лаьттах эчиг хир ду. ДогІанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тІеоьгур ю иза, шу хІаллакьхилла дІадовллалц. Везачу Эло шайн мостагІашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхІ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду. Шун декъий стигаларчу олхазарша, лаьттарчу акхароша а дуур ду, уьш дІакъахкош стаг а воцуш. Мисархошна хилла йолу даьІнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьІнаш а, кІамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш. Везачу Эло хьерадовлар а, бІарздалар а, Іадор а хуьлуьйтур ду шуна. Дийнан делккъехь са а ца гуш, бІаьрзениг бодашкахь санна, лелар ду шу. Шаьш арабаьккхинчу новкъахь аьтто хир бац шун. Массо а хенахь ницкъ беш а, хьийзош а хир ду шу, цхьаммо а гІо а доккхур дац шуьгахьа. Зуда ялор ю шух цхьаммо, амма кхин стаг вуьжур ву цуьнца дІа. ЦІенош дийр ду аша, амма царна чохь Іийр дац шу. Кемсаш югІур ю аша, амма пайда оьцур бац царах. Шун старана шун бІаьргашна хьалхха урс хьокхур ду, амма аша цуьнан жижиг дуур дац. Шун вир, дІа а йигина, юхаялор яц шуна. Шун уьстагІий мостагІашна дІалур ду, цхьаммо а гІо доккхур дац шуьгахьа. Шун кІентий а, йоІарий а кхечу халкъана дІалур бу. Царна сагатдеш, де дийне мел дели, бІаьрса худалур ду шун, дуьхьало ян а ницкъ хир бац шун. Шун лаьттах схьадаьлларг а, аш къахьегнарг а шуна девзаш доцучу халкъо дуур ду. Массо а хенахь ницкъ беш а, охьатаІийна а хир ду шу. Шайн бІаьргашна гучух хьерадевр ду шу. Голаш тІехь а, настарш тІехь а, когийн айраш тІера хьеюккъе кхаччалц дерза ца доьрзу даьІнаш хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло. Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тІе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тІулгийн а цІушна Іамал йийр ю аша. Везачу Эло шу дахийтинчу мехкашкахь долу халкъаш шух инзардевлла хир ду, шух доьлуш а, шуна вон луьйш а хир ду уьш. Дуккха а ялта дІадуьйр ду аша, амма кІезиг гулдийр ду, хІунда аьлча цІазо дуур ду иза. Кемсаш, дІа а йийна, лелор ю аша, амма царах даьлла долу чагІар а мер дац, кенаш а гулдийр дац, хІунда аьлча нІаьно дІадуур ду уьш. Зайт-диттан стоьмаш хир бу шун лаьтта тІехь, амма даьтта хир дац шун, хІунда аьлча хенал хьалха охьаоьгур бу и стоьмаш. КІентий а, йоІарий а хир бу шун, амма уьш шуна буьсур бац, хІунда аьлча йийсаре буьгур бу уьш. Шун дитташ а, аренашкара ялташ а цІазо хІаллакдийр ду. Шуна юкъахь Іаш волу тІевеана стаг вол-волуш шул лакха хьалавер ву, ткъа шу охьадевр ду. Цо шуьга духалург лур ду, ткъа шун цуьнга дала хир дац. Иза коьртехь хир ву, ткъа шу цІоганехь. И дерриг а неІалташ шуна тІехь хир ду, шуна тІера девр а дац уьш, шу хІаллакьхилла дІадовллалц, хІунда аьлча аш шайн Везачу Деле ла а ца дуьйгІира, Цо тІедиллинарг а, Цуьнан парзаш а кхочуш а ца дира. Шуна а, шун тІаьхьенна а тІехь гуттар а йолчу ханна Дала шуна таІзар даран билгало хилла лаьттар ду и неІалташ. Дерриг а шайн доллушехь, шайн Везачу Далла аш самукъадаларца а, дага чохь даккхийдерца а Іамал ца ярна хир ду иза шуна. Везачу Эло шайна тІеваийтинчу мостагІчунна децар ду шу, меца а, хьогах а, дерзина а, къен а долуш. Дала шун вортанна тІебиллинчу безачу мохьо Іазапехь латтор ду шу. Геннара, дуьненан йистера, халкъ тІехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тІелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. И нах къиза хир бу, воккханиг а ца лоруш, жиманиг а ца кхоош. Цара шун даьхни а, шун лаьттах схьадаьлла ялта а дуур ду, шу дакъазадаххалц. Шуна бепиг а, чагІар а, даьтта а, стерчий а, уьстагІий а дуьтур дац цара, шу хІаллакдаллалц. Шун массо а гІалина тІе а летта, дерриг а шун лаьтта тІера шун бІобулуш хилла лекха а, онда а пенаш дохор ду цу халкъо. Шун Везачу Дала шуна лучу лаьтта тІехь ерриг а шун гІаланашна тІелетар бу уьш. Шайн Везачу Дала белла болу, шайх схьабевлла кІентий а, йоІарий а буур бу аша, мостагІаша го а лаьцна, шаьш холчохь дисича. Шуна юкъахь хьолехь Іийна волу экам стаг а къинхетам боцуш хьоьжур ву шен веше а, шена хьоме хетачу зудчуьнга а, шеца дисинчу шен берашка а. Ша дууш долчу шен берийн дилха цхьанна а лур дац цо, хІунда аьлча цуьнан хІумма а дуьсур дац, го а лаьцна, мостагІаша массо а гІаланашкахь шу балане лаьцча. Шуна юкъахь томехь а, хьолехь а Іийна зуда, экам хиларна а, хьолехь Іарна а лаьтта ког а баккхаза йолу, къинхетам боцуш хьоьжур ю шена хьоме хеттачу майрачуьнга а, шен кІанте а, йоІе а. Ша дина бераш а, уьш хуьлуш шен дегІах схьакъаьстина беран цІа а лур дац цо нахана, хІунда аьлча дан амал ца хиларна къайлаха дуур ду цо уьш, го а лаьцна, мостагІаша шайн гІаланашкахь шу балане лаьцча. Кху тептар тІехь яздина тІедиллинарг а, хьехамаш а аша кхочуш ца бахь, шайн Везачу Делан сийлахьчу а, буьрсачу а цІарах шу ца кхерахь, Везачу Эло шуна а, шун тІаьхьенна а хала а, инзаре а, дІа ца доьрзу а ун а, луьра а, дІа ца йовлу а цамгарш а кхоьтуьйтур ю. Мисархошна кхетта долу, шу кхийрина долу ун хуьлуьйтур ду шуна. Иза летар ду шух. Кху тептар тІехь язйина йоцу муьлхха а цамгар а, ун а хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло, шу хІаллакдина дІадовллалц. Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кІеззиг бен дуьсур дац шу, хІунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгІи аш. Шу алсам а дохуш, шуна диканиг деш самукъа-ма-даллара, шу хІаллакдеш а самукъадаьлла хир ву Веза Эла. Шайн дола баккха тІедоьлхуш болчу махкара а лохкур ду шу. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Цу халкъашна юкъахь синтем хир бац шуна, садаІа меттиг хир яц шуна, Везачу Эло дагахь кхерам а, сингаттам а, бІаьргашкахь кІаддалар а латтор ду шуна. Шун дахар гуттар а кхерамехь хир ду, дийнахь а, буса а синтем боцуш, хиндолчух бІобулуш хир дац шу. Дагахь лаьтташ кхерам хиларна а, шайн бІаьргашна гуш долчунна а Іуьйранна аш эр ду: „Суьйре тІекхачахьара-кх!“ – аьлла, ткъа сарахь эр ду: „Іуьйре тІекхачахьара-кх!“ – аьлла. Ас кхин цкъа а шуна иза гур бац аьллехь а, Мисар-махка юхадуьгур ду шу Везачу Эло хІордкеманаш тІехь. Цигахь шайн мостагІашна дохкалур ду шу, леш а, гІарбашаш а хилла, амма шу оьцуш цхьа а хир вац». Нагахь санна, шайн мостагІашна хьалха а бевлла, уьш йийсаре гІахь а, цигахь а Ас туьре омра дийр ду, уьш байа аьлла. Ас Сайн бІаьргаш, царна диканна а ца хьажош, бохам бан тІехьажор бу».
Выбор основного перевода