Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Ларлолахь, цу махкахь Іаш болчу нахаца берта ма гІолахь, хІунда аьлча, Соьгара дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттича, царна сагІанаш даьхча, хьо дІакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагІанаш даа там бу ахьа. Везачу Эло соьга иштта элира: „ХьалагІатта, дІавала кхузара, ломара охьавосса. Мисар-махкара ахь арадаьккхина долу хьан халкъ дукха телхина ду. ХІинцале а дІабевлла уьш Ас шайна весет динчу новкъа тІера, шайна лалийна цІу а вина“. ЮшаІ дийна мел ву, Везачу Элана гІуллакх деш схьадеара Исраилан халкъ. ЮшаІ кхелхинчул тІаьхьа а, Везачу Эло Исраилан халкъан дуьхьа динарг гина болу къаной коьртехь болчу хенахь а Цунна гІуллакх деш схьабаьхкира уьш. ГадІан веллачул тІаьхьа исраилхой, Везачу Элера дІа а бирзина, юха а БаІал-деланашна тІаьхьахІиттира. Шайн дела БаІал-Барт а хаьржина,
Выбор основного перевода