Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Ярад цхьа бІе кхузткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан хилира кІант ХІанох. Матушалахь хиллачул тІаьхьа кхин кхаа бІе шарахь, Дела даг чохь а волуш, вехира ХІанох. Оцу заман чохь цуьнан кхин кІентий а, йоІарий а хилира. Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеІир-махкара халкъана тІе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тІе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара. И летта йогу цІе Цуьнан хьалхāхула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гІуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТІаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дІаделладелира. Ацала кхаччалц дІаяьржина йолчу оцу Сан тогІенехула дІадовдур ду шу, яхІудхойн паччахь хиллачу Іузи-ЯхІун деношкахь мохк бегийча шун дай дІабевдда ма-хиллара. ТІаккха сан Веза Дела схьавогІур ву, Цуьнца цхьаьна массо а маликаш а. «Ткъа Адамийн КІант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гІанта тІе. Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира. «Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогІур ву». Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тІаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тІехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин! «Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогІун волу а Нуьцкъалниг».
Иуды
1
Выбор основного перевода