Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Лаьтта тІера адамаш алсамдовлуш хилла. Церан хуьлуш хилла йоІарий а. Иза ур-атталла стигаларчу Шен ялхойх а тешна Іаш вац, ур-атталла Шен маликашна тІехь а Цунна кхачамбацарш го. Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тІехь ца Іийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хІунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву. ХІунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тІехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита. Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кІелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таІзар а деш, латто а, Ткъа уьш Іехош хилла долу и иблис цІе яьлла богучу саьмгалан Іам чу тесира. Цу Іам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Іазап хьоьгур ду ерриг а тІейогІучу заманахь.
Иуды
1
Выбор основного перевода