Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Ткъа шеконаш йолуш верг Дала бехке вийр ву, нагахь санна шена хьарам хетташехь, цхьа хІума цо яахь, хІунда аьлча ша дийриг цо тешарехула ца до, ткъа тешарехула деш доцу массо а хІума къилахь ду. Ткъа Цунна, вайна чохь болх беш болчу ницкъаца вай мел доьхуш долчул а, я вайн дагахь мел долчул а дуккха а алсам далуш Волчунна, шайна гІоле дерг хІун ду шу кхетийтархьама. Дала леррина Къобалвинарг вогІучу дийнахь шу цІена а, цхьана а тайпана сакхт доцуш а хилийтар а, Ткъа хІинца, Ша леррина Къобалвинчун дегІан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цІена а, ала хІума доцуш а дІахІитторхьама. Вайн синна паргІато луш волчу Дала Ша цІан а дина, массо а агІор Ша санна дойла вай. Цо шун са а, дог а, дегІ а Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу хенахь дуьззина къинойх цІена латтадойла. Цундела, хьоменаш, цуьнга сатуьйсуш, шайн ницкъ кхочург делаш Далла хьалха бехдалаза а, талхаза а дІахІитта а, Цуьнца бертахь хила а.
Иуды
1
Выбор основного перевода