Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогІучу тешарна къахьоьгуш бу. Хьехам бо ас хьуна, сан кІант Тимапи! Хьох лаьцна Делера хиллачу хаамашца а доьзна, иштта весет до ас. Ахьа оцу весеташца, дикачу тІемалочо санна, къовсам латтабойла, Тешарца боьзна болчу дикачу тІамехь хьуьнарца тІом бе, хедар доцучу дахаран ял хьайна тІеэца гІерта. Цу дахарна Дала хьо тІекхайкхира, дуккха а тешашна хьалха хьайн хаза тоьшалла ахь дича. Іийсах тешар вайшиннан цхьаъ хиларна, билггал сан кІант волчу хьоьга яздо аса, Тита. Вайн Да волчу Делера а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлийла хьуна. Цундела аша берриг а ницкъ тІебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха. Нийсонан некъ бевзина цахилар гІолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тІедиллинарг дІа а тесна, хьалхалерчунна тІе юхабоьрзучул.
Иуды
1
Выбор основного перевода