Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
ДогІа ца луш йолу марханаш а, мох а санна ду, совгІат дийр ду а аьлла, иза цадар. „Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, и Сан уьстагІий акхаройн ижу хилийта Іуналла ца деш аша дитарна а, уьш, тІехь Іу а воцуш, хІора аренгарчу экханан даар хилла дІахІиттарна а, ткъа Сан Іуша уьш схьа ца лахарна а, цара уьш, дажоран метта, шаьш дежаш леларна а, ХІора вон дитт, цу тІехь дика стом кхуьуш бацахь, схьа а хададой, цІера юккъехь дагадо. Іийсас цаьрга элира: «Сан стигалахь волчу Дас дІадоьгІна доцу хІора орамат шен орамашца схьадаьккхина хир ду. Шаьш цхьаьна гуллучу хенахь, билггал Везачу Элан пхьор даа гулделча санна ца гулло шу. ХІунда аьлча шу шаьш еана йолу яа хІума яа сихло. ТІаккха цхьаберш меца буьсу, ткъа вуьш чагІаро бахабо. Юург яа а, мерг мала а шайн цІенош дац те шун? Я Делан долахь йолчу массо а Іийсах тешначийн тобанах шу дешаш дац те? Я мисканаш дегаза хета те шуна? ХІун ала деза те аса шуьга? Хастор дуй те ас шу и бахьанехь? Аса и гІуллакхаш бахьанехь хастор дац шу. Цу хенахь, бераш санна, кхин хир дац вай, хинкема санна а, кхин хир дац вай. Жима хинкема тулгІенаша а, мохо а лелоре терра, вай а ду харц хьехамаша атта Іехош. Оцу харц хьехамаша тайп-тайпана мекарлонаш а йой, шайн мел долчу хІилланца вай тиладолуьйту. Шаьш динчу зуламашна бекхам хир бу царна. Цу нахана моьтту там хилар – дийнан делккъехь долу даар-малар а, сакъерар а, телхина лелар а ду. Сий доцуш а, хІума сийсаздоккхуш а болчу царна там хуьлу шайн харцонех, шаьш шуьца той дуучу хенахь. Хи доцучу хьостанех а, мохо лаьхкина юьгучу марханех а тера бу харцхьехамчаш. Іаьржачу боданехь меттиг ю царна кечйина.
Иуды
1
Выбор основного перевода