Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Делан Сино кхеттош схьабоху: тІаьхьарчу хенашкахь цхьаболу нах Іийсах тешарх юхабевр бу. Адамаш Іехош долчу харцжинашна а, жинийн хьехамашна а тІаьхьахІуьттур бу уьш. Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дІабелла волу Хьалдолу Эла дІа а тесна, стаг хІаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн хІаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха. Уггар хьалха шуна хаа деза, тІаьхьарчу деношкахь богІур бу шайн хьарамчу лаамашка хьаьжжина бехаш болу нах. Шух кхаьрдаш, Иштта бохучарна дицдан лаьа Делан дашца хьалххе дуьйна стигалш юйла а, латта хих а, хинехула а кхоьллина хилар а.
Иуды
1
Выбор основного перевода