Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгІуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсан а сийлалла схьадар. Делан де тІекхачаре сатуьйсуш а, и тІедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цІе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду. Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тІера стом баа’“». Шаьш лан дезар долчу цхьана а хІуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТІаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дІадовллалц тешаш хилалаш, тІаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.
Иуды
1
Выбор основного перевода