Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Оцу кхоах теша а тешна, ша хих чекхваккхийтинарг кІелхьарвоккхур ву, ткъа ца тешачунна – кхел хир ю. Цунах тешначунна кхел яц. Ткъа Цунах ца тешначунна кхел йина ю, иза Делан цхьаъ бен воцучу КІантах цатешарна. Дела иштта бакъо йолуш вара. Шен оьгІазло ян а, Шен ницкъ гайта а лиира Далла, амма Шен оьгІазлонах хІаллакьхила кийча долчу адамашна Шен доккха собар хилар гайтира Цо. Ткъа сунтварах лаьцна дийца дийзира тхан. ХІунда аьлча цхьаболу харцвежарий къайлаха тхуна юкъабаьхкинера, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца хиларна тхан йолчу паргІатоне а хьаьвсина, юха а тхох леш дархьама. Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дІабелла волу Хьалдолу Эла дІа а тесна, стаг хІаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн хІаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха.
Иуды
1
Выбор основного перевода