Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Цу сарахь уьш дІабийшале, Седам-гІалара жимачо а, воккхачо а, массо а маьІІера схьа а веана, ЛутІин цІенна го бира. Уьш маьхьарий детта буьйлабелира: «Мичахь ву хьо волчу сарахь веана ши стаг? Араваккха и шиъ. Оха царах зударий бийр бу!» ЛутІас, ара а ваьлла, шена тІаьхьа неІ тІечІегІира. Цо элира цу нахе: «Вежарий, ас доьху шуьга, зулам ма дахьара аша! Боьрша стаг а вовзаза ши йоІ ю сан. Ас и шиъ дІалур ю шуна, царна шайна луъург де, амма ас доьху шуьга, оцу шина стагана зе ма дахьара аш. Уьш сан хІусаме баьхкина бу, царах жоп дала декхарийлахь ву со». Амма цІенна го бинчу Седам-гІалара божарша элира: «ДІавала новкъара!» Вовшашка цара бохура: «Хьовсийша хІокху тІевеана волчу стаге, хІара висинера вайна тІехь кхел яза!» Цара элира цуьнга: «Ларлолахь, хьуна царначул алсам кхета мегаш ю хьуна!» Уьш ЛутІина тІегІоьртира неІ кагъян дагахь. ЛутІа волчу веанчу шина стага, дІакхевдина, иза чоьхьа а такхийна, неІ дІакъевлира. ТІаккха арахь болчу нехан, жимачун а, воккхачун а, бІаьрса дайира цара. ЧувогІу неІ лоьхуш, нах чІогІа гІелбеллера. Цу шина стага хаьттира ЛутІе: «Хьан доьзалх кхин цхьа а вуй хІокху гІалахь Іаш? Я невцарий, я кІентий, я йоІарий – милла велахь а кху гІалара араваккха. Оха хІара гІала йохор ю, хІунда аьлча Везачу Элана тІекхоьхьуш кху гІалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хІаллакьян». Ара а ваьлла, шен йоІаршна тІехьийзачу кІенташна тІевахара ЛутІа. «Сиха кху гІалара дІагІо, – элира цо, – Везачу Эло кестта йохор ю хІара». Амма царна моьттура ЛутІас забар йо. ШолгІачу дийнахь сатосучу хенахь маликаша сихвира ЛутІа. «Кху гІалина таІзар дийр ду, – элира цара, – хьайн цІахь йолу зуда а, ши йоІ а схьа а эций, дІагІо кхузара. ГІалахь дисахь, шу хІаллакьхир ду». Амма ЛутІа шина даггахь вара, хІоьттинчу хьолах дика ца кхетара иза. Амма Везачу Эло ЛутІех къинхетам бира. Цундела цу шина малико иза а, цуьнан зуда а, ши йоІ а, куьйгаш а лаьцна, гІалех араяьккхира. Уьш гІалех арабевлча, цхьана малико элира: «ХІинца довда, шайн синош кІелхьардаха! ГІалехьа юха ма хьовсалаш! Цхьана а меттехь тогІи чохь ма совцалаш, лаьмнашка дІагІо, довдий. Нагахь совцахь, гІалица цхьаьна хІаллакьхир ду шу!» Амма ЛутІас элира цаьрга: «Элий, ас доьху шуьга сайга ладогІар. Соьца, шайн ялхочуьнца, чІогІа лараме ду шу. Аша сан дахар кІелхьардаьккхи, амма со лаьмнашка вадалур вац. ДІа а ца кхиъна, вала там бу со. Кхузахь гена йоццуш цхьа жима гІала ю, цига вахийтийша со. Цига дІакхаьчча, кІелхьарвер вара со, иза жима гІала ма ю». Малико элира ЛутІе: «Дика ду, хьан дуьхьа ас йохор яц и гІала, амма сиха дІавада цига, хІунда аьлча айхьа хаьржинчу метте хьо кхаччалц, Седам-гІала йохо йиш яц сан». (Цу гІалин цІе «Жиманиг» (Іебархойн маттахь «ЦІоІар») тиллира, ЛутІас иза жима ю аьлла дела). Малх хьалагІаьттинера, ЛутІа ЦІоІар-гІали чу кхочуш. Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Везачу Эло хІаллакйира цигахь йолу гІаланаш а, ерриг тогІи а, дерриг ораматаш а, цу гІаланашкахь Іийна дерриг адамаш а. Амма ЛутІа Седамера араваьллачу дийнахь стигалара, догІа санна, деанчу цІеро а, саьмгало а дерриг а адам хІаллакдира. Делахь а цхьа дика хІума ду шун: никласхойн гІуллакхаш Суна цадезаре терра, шуна а уьш ца дезаш хилар. Шаьш лан дезар долчу цхьана а хІуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТІаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дІадовллалц тешаш хилалаш, тІаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.
Иуды
1
Выбор основного перевода