Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
«Ас шуна юкъахь бохамаш бора, Седам-гІала а, Іамор-гІала а йохош Айса бина бохамаш санна. Ткъа шух биснарш, цІергара схьадаьхна хьокхий санна, бара. ТІаккха а Суна тІе ца дирзира шу, – боху Везачу Эло. – Везачу Эло элира шайтІане: «Ва шайтІа! Везачу Эло дистхилар доьхкийла хьуна! Ярушалайм-гІала хаьржинчу Везачу Эло доьхкийла хьуна! ЦІерана юкъара схьакхоьссина йолу яьгна дечиг-м яц те и стаг?» Ткъа ЮшаІ боьхачу бедаршца лаьтташ вара маликана хьалха. Малико, жоп а луш, шена хьалха лаьттачаьрга иштта элира: «ДІаяха цунна тІера боьха бедарш». Ткъа ЮшаІе иштта элира: «Хьажал, хьуна тІера къа дІа а даьккхина, ас хьуна тІе хаза духарш духур ду». Вист а хуьлуш, ас элира: «Цуьнан коьрта тІе цІена чалба тилла». Цуьнан коьрта тІе цІена чалба тиллира, дегІа тІе духарш дуьйхира. Ткъа Везачу Элан Малик лаьтташ дара. Иштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Іехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам. Бакъду, шуна юкъахь масех стаг ву шайн бедарш къилахь долу гІуллакхаш дарца бехъяза. Уьш, кІайн духарш а дуьйхина, Соьца лелар бу, хІунда аьлча уьш иштта лела хьакъ долуш бу.
Иуды
1
Выбор основного перевода