Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Дечиган пхьеран кІант вац Иза? Цуьнан ненан цІе Марем яц? Ткъа вежарийн цІераш Якъуб, Юша, ШамІа, ЯхІуд бохуш яц? Якъубан кІант ЯхІуд, иштта шех ЯхІуд-Искархо олу, тІаьхьа ямартхо хилларг а. Искархо а воцуш, кхечу ЯхІуда элира Іийсага: «Веза Эла! И хІун ду? Хьо тхуна хІунда гайта воллу Хьо, дуьненна а ца гойтуш?» Со хІинца дуьйна кху дуьненахь хир вац, амма уьш дуьненахь бу. Ткъа Со Хьо волчу вогІу. Веза Дада! И Айхьа Суна белларш Хьайн цІеран олаллица Іалашбехьа, Ахьа Суна белла болу уьш а, Вайшиъ санна, цхьаалла йолуш хилийтархьама. ГІала а баьхкина, уьш лакхарчу цІа чохь гулбелира. Векалийн цІераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Іандар, Пилап, ТІама, Барталамай, Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Якъубан кІант ЯхІуд, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочуш дан гІертарг. ткъа шу, тІаьхьара зама а еана, хиндолу кІелхьардовлар гучудаллалц, шайн тешар бахьана долуш Делан ницкъо Іалашдеш ду.
Иуды
1
Выбор основного перевода