Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Цхьа хан яьлча, Кхаима шена лаьтто деллачу ялтанах дакъа Везачу Элана хьалха деара. Ткъа Хьабула шен жена юкъара уггар тоьлла долу дуьххьарлера Іахарий деара. Веза Эла резахиларца хьаьжира Хьабуле а, цо деанчуьнга а. Ткъа Кхаиме а, цо деанчуьнга а реза воцуш хьаьжира Веза Эла. ЧІогІа оьгІазвахана, хьаьжа юккъе шад хІоттийра Кхаима. ТІаккха Везачу Эло элира Кхаиме: «Хьо ма оллавелла ву? Хьо ма оьгІазе ву! Ахь диканиг деш хилча, ларамца тІеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неІарехь къа лаьтта. И хьо Іехо гІерташ ду, хьо цул тола веза». ТІаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гІой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гІоьртина, иза вийра. Левин тІаьхьенах волчу КхахІатан кІентан Ицхьаран кІант Кхорахь а, Раабанан тІаьхьенах волчу Элиабан кІентий Датан а, Абирам а, иштта ПелатІан кІант Ана а Мусана дуьхьалвелира. Цаьрца цхьаьна ши бІе шовзткъе итт цІеяхана волу а, халкъан баьчча волу а, гуламехь хаьржина волу а исраилхо хилла. Цара, Мусана а, АхІаронна а дуьхьал гулам а гулбина, элира: «Тоьар ду шуна: дерриг а халкъ ду даздина, цунна юкъахь Веза Эла а ву! Ткъа шуна хІунда хета те шаьш Везачу Элан халкъал а лакхара?» Кхорахьа шен нах, схьа а гулбина, гуламан четарна чуволучохь, царна дуьххьал дІахІиттийча, дерриге а халкъана Везачу Элан сийлалла гучуелира. Мусага а, АхІароне а Везачу Эло элира: «Шу оцу халкъах дІакъаста, бІаьрган негІар тохале Соьга уьш хІаллакбайтархьама». Ткъа цара, бертал охьа а эгна, элира: «Дела! Муьлххачу а дегІана чохь долчу синан Дела! Цхьана стага къа латийна хилча, Хьо дерриге а халкъана оьгІазгІур ву те?» Везачу Эло Мусага элира: «Халкъе дІаала: „Кхорахь, Датан, Абирам вехачу хІусамашна гонах йолчу меттера дІадовла“». Муса, хьала а гІаьттина, Датанна а, Абирамна а тІевахара, цунна тІаьххье исраилхойн къаной а бахара. Халкъе Мусас элира: «ХІокху зуламечу нехан четаршна юххера дІа а довла, церан долахь йолчу цхьана а хІуманах хьакха а ма ло, шаьш а церан дерриге а къинош бахьана долуш ца далийтархьама». Уьш Кхорахьан, Датанан, Абираман четаршна гонах йолчу меттера дІабевлира. Ткъа Датан а, Абирам а шайн зударшца, кІенташца, кегийчу берашца, ара а бевлла, шайн четаршна чуволлучохь лаьтташ бара. Мусас элира: «ХІинца хІокхунах хуур ду шуна Везачу Эло со и дерриге а гІуллакхаш кхочушдан къобалвина хилар, ткъа уьш аса сайн лаамца деш ца хилар а: нагахь санна церан массо а адамийн санна балар нислахь, церан кхоллам кхидолчу адамийн санна хилахь, со Везачу Эло ваийтина вац-кх. Ткъа нагахь санна Везачу Эло цхьа керла хІума дахь, нагахь лаьтто, бага дІа а гІаттийна, уьш а, церан долахь мел долу хІума дІа а кхаллахь, нагахь уьш дийна боллушехь эхарте а гІахь, тІаккха хаалаш, оцу нахана Веза Эла дола хетийла». Муса и дешнаш аьлла ма-велли, царна бухара латта дІасадекъаделира. Лаьтто и нах, церан хІусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хІума а дІаийцира. Шайн долахь мел хиллачу хІуманца, дийна боллушехь, лаьттан кийра а бахана, эхарта чу бахара уьш. Лаьтто дІахьулбира уьш. Халкъана юкъара, хІаллак а хилла, дІабевлира уьш. Царна гонах хилла болу исраилхой, хІокхара маьхьарий хьаькхча, дІабевдира. Кхайкха а кхойкхуш, цара доьхура: «Тхо а лаьтто дІа ма кхоллийла!» – бохуш. Везачу Элера цІе йоьссира, цо дІакхаьллира хаза хьожа йогІучу сегІазан сагІа доккхуш волу ши бІе шовзткъе итт стаг. Муабахойн а, маданхойн а къаной БалиІамна тІебахара, пал тасарна богІу мах а хьош. Балакха шайга дІаала аьлларг дІаэлира цара БалиІаме. БалиІаман хьехамца ПаІор цІе йолчу меттехь исраилхой Везачу Элах дІаберзийна болу зударий уьш ма бу! И бахьана долуш Везачу Элан халкъана юкъахь адам хІаллакдеш ун ма даьржинера. Хаалахь, тІаьхьарчу деношкахь хала хенаш хир ю. Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтІахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш. Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хІума бІаьрга дан ца дезаш хир бу уьш. Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кІоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах. Дин лелорехь тІехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дІатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь. Къайлаха нехан хІусамашна чуоьхурш а хир бу ишттачарна юкъахь. КІеда дог долу зударий кІелбуьтур бу цара цигахь. Къинойх а буьзна, шайн тайп-тайпанчу сийсазчу лаамашка шаьш лелабойтуш бу и зударий. Динах лаьцна хьехамаш даим Іамо гІерташ белахь а, билггал долу бакъдерг цкъа а къобал ца дало цаьрга. Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Іийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу. Нийса некъ дІатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеІаран кІентан БалиІаман новкъа бевлла. Кхаим санна ма хилалаш, иза иблисан долахь а вара, цо шен ваша а вийра. Ткъа хІунда вийра цо иза? Шен гІуллакхаш зуламе хилла дела, ткъа цуьнан вешин гІуллакхаш Делан лаамехь долу гІуллакхаш хилла дела. Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хІума ду Сан. БалиІаман хьехамаш тІелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гІуллакхаш леладайта Іамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цІушна сагІина лерина еана хІума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хІума леладойтура исраилхошка.
Иуды
1
Выбор основного перевода