Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Муьлххачу а хенахь Делан Синан гІоьнца доІанаш делаш, массо а тайпана доІа а, дехар а деш. Иза иштта дархьама, сема а хилалаш, цхьана а тайпана юха ца довлуш, Делан долахь болчарна массарна а тІера кхидІа доІанаш а делаш. Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тІехь шеконаш а йоцуш, чІагІ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дІа ца хадийтахь а. Стигал кІел болчу массаьрга а дІахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахІалах. Шайн тешаран орамаш Цунах дІа а тасий, Цуьнца цхьаьна хьалакхиалаш. Шайна хьехначу тешарехь чІагІлолаш. Баркаллех дуьззина хилалаш. Цундела, хІинццалц санна, вовшийн дог а эца, вовшашна чІагІдала гІо а де. Харцдерг лелочара кхидІа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидІа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цІена берш кхидІа а цІена лелийла».
Иуды
1
Выбор основного перевода