Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Шайн синан лаамашца лелачаьрга Далла тамехь дерг ца дало. Амма шу шайн синан лаамашца дехаш дац. Мелхо а, нагахь санна шуна чохь Делан Са дехаш делахь, Делан Синан лаамашца деха шу. Нагахь санна шух цхьаьнца Дала леррина Къобалвинчун Са дацахь, иза Цуьнан долахь вац. Динан вежарий, аса чІогІа доьху шуьга, ларлолаш шу декъадалийта а, галдовлийта а гІертачарех. Букъ берзабелаш шуна бевзинчу хьехамашна дуьхьал харц хьехамаш бечарна. Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хІуманаш тІе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гІоьнца бен уьш къаста ца ло дела. Вешан гуламаш дІатосуш ма хуьлийла вай, цхьаболчара иза ма-дарра. Цул а вовшашна гІо дойла вай, Везачу Элан де гергакхочуш хилар шайна мел ги, алсам а деш. Иза лакхара долу хьекъалалла дац, амма дуьненан, синан, жинийн хьекъалалла ду.
Иуды
1
Выбор основного перевода