Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Муаби-мехкан тогІи чохь Байт-ПаІар цІе йолчу юьртана дуьххьал дІавоьллина Везачу Эло Муса. Амма таханлера де тІекхаччалц цхьанна а ца хаьа иза дІавоьллина йолу меттиг мичахь ю. Амма Парси-пачхьалкхана тІехь олалла деш волу жинийн эла ткъе цхьана дийнахь суна дуьхьало еш лаьттира. Ткъа коьртачу эла-маликех цхьаъ долу Микаал-малик суна гІо дан деара, со Парси-мехкан паччахьна уллохь хьевелла дела. Цо элира: «Хаьий хьуна, хІунда веана со хьо волчу? Хаалахь, „бакъдолчун тептар“ тІехь дІаяздина дерг хьоьга дІахаийта веана со. Хьаххийначуьра аьлча, со хІинца Парси-мехкан элаца тІом бан юхавоьрзур ву, ткъа цул тІаьхьа грекахойн элан рагІ кхочур ю. Цу тІе аьлча, шун эла волу Микаал воцург, цхьа а вац-кх оцу элашна дуьхьал аса бечу къийсамехь суна гІо дийр долуш. «Оцу хенахь хьан халкъ Іалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТІаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хІокху ханна тІекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогІур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тІе дІаязбина карор берш кІелхьарбевр бу. Везачу Эло элира шайтІане: «Ва шайтІа! Везачу Эло дистхилар доьхкийла хьуна! Ярушалайм-гІала хаьржинчу Везачу Эло доьхкийла хьуна! ЦІерана юкъара схьакхоьссина йолу яьгна дечиг-м яц те и стаг?» Ткъа доьналлица а, ницкъаца а царал тоьлуш долчу маликаша Везачу Элана хьалха цу нахана вон дош ца олу.
Иуды
1
Выбор основного перевода