Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иуды
1
Параллельные места
Церан дог ца лозу кхидолчу адамех, ткъа церан къамелаш кураллех дуьзна ду. Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна. Сан вежарий! Дала леррина къобалвинчу Іийсах, вайн сийлаллин Элах, а тешаш, озабезамца цхьаьнга ма хьажалаш. Амма стаге озабезамца шу хьовсахь, аша къа латадо, товрат-хьехамо шу, зуламхой санна, бехкедо. къаьсттина шайн догІмийн хьарамчу лаамашна тІаьхьахІиттинарш а, шайна тІехь Деле олалла ца дойтурш а. КІоршаме а, шайн лаамехь а болу и харцхьехамчаш стигалан сийлаллин бахархошна лен ца кхоьру. Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хІинцца дІакъаьсташ берш дегІана там лохучу а, телхина долчу а хІуманашка марзбо цара.
Иуды
1
Выбор основного перевода