Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Диг ша лелочу стагал тоьлуш хир дуй? Херх ша хьокхучул тоьлуш хир буй? Ша хьалаайинчу стагана тІехь олалла дийр дуй те гІожо? Дечигах бен боцучу хьокхано адам хьалаойур дуй те? Ма дуьхьлара ойла ю иза! Поппар а, кхийра пхьегІа ен пхьар а цхьаъ лара мегар ду ткъа? ХІумано ша йинчух лаьцна: «Цо ца йина со», – эр дуй? Ша кхоьллинчух лаьцна: «Иза цхьанна а хІуманах кхеташ вац», – эр дуй хІумано? Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду. «Исраилан тІаьхье, цу пхьеро диннарг Соьга а шух далур дац те? – боху Везачу Эло. – Хьо Сан карахь куьпчичун поппар санна ма ю, Исраилан тІаьхье. Ткъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хІумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хІунда йина ахьа?» Бакъо яц ткъа куьпчичун хьийначу цхьана поппарх цхьа пхьегІа лараме долчу гІуллакхна, ткъа важа пхьегІа ларамаза долчунна ян?
Выбор основного перевода