Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?» Ала тхоьга, хІун хир ду йогІучу хенахь, тІаккха тхуна хуур ду, шу деланаш дуйла. Диканиг я вониг цхьаъ де, тхо цецдовлийта а, кхерадалийта а. Со ву Веза Эла, шун Веза Дела, Исраилан халкъ Кхоьллинарг, шун Паччахь». Хьо Кхоьллинарг ву хьан майра – Цуьнан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Хьо ПаргІатъяьккхинарг Исраилан халкъан Веза Дела ву, Цунах дерриге а лаьттан Дела олу. Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду. Белха а боьлхуш, уьш схьабогІур бу, доІанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дІабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хІунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву».
Выбор основного перевода