Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала элира: «Хуьлийла серло». ТІаккха серло хилира. Ахьа бода дІабаржабо, тІаккха буьйса тІекхочу. И хан тІекхаьчча, евлла лелаш хуьлу массо а хьуьнан акхарой. Ала тхоьга, хІун хир ду йогІучу хенахь, тІаккха тхуна хуур ду, шу деланаш дуйла. Диканиг я вониг цхьаъ де, тхо цецдовлийта а, кхерадалийта а. БІаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дІабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дІатосур бац Ас. Коьман маІа локхур юй те гІалахь, адам кхера а ца долуьйтуш? Хуьлий те гІалина бохам, Веза Эла воцучо тІебаийтина? Марут-гІалин бахархой шайна гІо даре сатесна бу, хІунда аьлча Везачу Элера болу бохам Ярушалайман кевне кхаьчна (Марут – цуьнан «къаьхьа» бохург ду).
Выбор основного перевода