Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кІант ца кхоош, ахь иза дина, Иштта ду Сан багара схьадолу дош а – иза даьсса юха ца доьрзу Суна тІе. Цо Суна луург кхочушдо, Ас даийтина дош Іалашоне кхочу. Везачу Эло чІагІо йина Шен аьтту куьйгах а, Шен нуьцкъалчу пхьаьрсах а: «Хьан ялта кхин лур дац Ас хьан мостагІашна кхачанна, кхечу къаьмнийн наха хьан чагІар а мер дац, ахь шена тІехь болх бина долу. Лаьтта тІехь шена декъалвар доьхуш волчо бакъдолчун Дала ша декъалвар доьхур ду. Лаьтта тІехь дуй бууш волчо а бакъдолчун Делах дуй буур бу, хІунда аьлча хьалхалера сингаттамаш бицбина а, Сан бІаьргашна хьалхара къайлабаьхна а хир бу». Яздина ма ду: «Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, боху Везачу Эло, хІора а адам, гора а хІоьттина, Суна хьалха суждане гІур ду, ткъа Со Дела хиларх лаьцна хІора маттахь тоьшалла дийр ду». стигалшкахь а, лаьттахь а, эхартахь а берш Іийсан цІе лоруш, гора а хІиттина, суждане бахийтархьама а, Да волчу Делан сийлаллина Цо леррина къобалвина Іийса Веза Эла хиларх лаьцна хІора адаман матте тоьшалла дайтархьама а.
Выбор основного перевода