Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а гайтина дара шуна, Веза Эла Дела вуйла шуна дІахаийтархьама. И воцург, кхин цхьа а Дела вац. Хьо воккха ву, сан Хьалдолу Эла. Хьоьца нисван цхьа а стаг а вац, Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. Шайн цІушка тоьшаллаш даладайта, цаьрга хиндерг дийцийта тхуна. Хиллачух лаьцна тхо кхетадайта цаьрга, цунах лаьцна тхоьга ойланаш яйтархьама а, иза чекх муха дер ду тхуна хаийтархьама а. Я хиндолу хІуманаш схьакхайкхадайта тхуна. Ала тхоьга, хІун хир ду йогІучу хенахь, тІаккха тхуна хуур ду, шу деланаш дуйла. Диканиг я вониг цхьаъ де, тхо цецдовлийта а, кхерадалийта а. Юьхьанца дуьйна хьан дийцина цунах лаьцна, вайна иза хаийтархьама? И хІума хилале хьан дийцина цунах лаьцна, вайга: „Иза бакъ ву“ – алийтархьама? Цхьаммо а ца дийцина цунах лаьцна, иза хир ду а ца аьлла, цхьанна а ца хезна шуьгара дош. Хьовсал, хьалха аьлларг кхочушхилла. ХІинца керланиг кхайкхор ду Ас. Иза хилале, Ас хоуьйтур ду шуна». ХІунда аьлча Со Веза Эла, хьан Дела, Исраилан Веза Дела, хьан КІелхьардоккхург ву. Ас Мисаран къам дІало хьан паргІатонах. Хуша а, Себа а дІало хьох. Массо а халкъаш цхьаьна гулдина а ду, дерриге а къаьмнаш вовшахтоьхна а ду. Церан деланех хьан аьлла хиндолчух лаьцна? Юьхьанцара дуьйна хилларг хьан хаийтина? Шайн тешаш балабайта цаьрга, уьш бакъхилар гайта а, церан дешнаш дІахезча, кхечеран „Иза бакъ ду“ ала йиш хилийта а. Со цхьаъ бен Веза Эла вац, Со цхьаъ бен КІелхьардохург а вац. Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац. Ас хьуна ницкъ лур бу, хьуна Со вевзаш вацахь а.
Выбор основного перевода