Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Малхбалера волу стаг хьан самаваьккхина, иза дІавахханчохь цуьнга толам а боккхуьйтуш? Цо халкъаш цуьнан кара дІало, паччахьаш цунна муьтІахь бойту. Цуьнан туьро царах чан йо, цуьнан Іедо уьш дІасакхуьссу, мохо ча дІаса ма-кхоссара. Къуреш-паччахьах боху Ас: „Иза Сан Іу ву. Цо Сан лаам кхочушбийр бу. Ярушалаймах цо эр ду: ‘ЮхаметтахІоттае и гІала!’ Делан цІийнах эр ду цо: ‘Цуьнан бух дІахІоттабе!’“» «Со хьуна хьалхаваьлла дІагІур ву, лаьмнаш дІа а шардеш. ЦІестан кевнаш кегдийр ду Ас, аьчка гІораш отур ду. Везачу Эло хІара боху шен халкъе: «ХІумма а йоцучу хІуманах доьхкина а дара шу, мах а ца луш, оьцур ду шу».
Выбор основного перевода