Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «ЦІестан лаьхьа а бай, хьокхана тІе тоха иза. Лаьхьано це тоьхнарг, цІестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсур ву». Мусас, цІестан лаьхьа а бина, иза хьокхана тІе туьйхира. Лаьхьано це тоьхна стаг, цІестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсура. Хьалдолчу Эло, Исраилан Везачу Дала, иштта боху халкъе: «Соьга, юха а дирзина, шу хьоьжуш делахь, кІелхьардевр ду шу. Шу собарца Сох тешахь, ницкъ хир бу шуьгахь». Амма шу реза ца хили иза дан. Ма кхера – Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду. Къилбаседе Ас эр ду: „Схьало!“, къилбе а эр ду: „Ма сецабе!“ Юхаберзабе Сан кІентий генарчу меттигашкара, Сан зудабераш – дуьненан массо а маьІІера. Цо соьга боху: «Хьо Сан Ялхо хилла Іийр вац, Якъубан тайпанаш юхаметтахІитто а, Исраилан халкъах бухабиснарш цІа берзо а. Ас хьох кхечу къаьмнашна серло йийр ю, Сан кІелхьардаккхар дуьненан массо а маьІІе кхачийта». Хьовсал, уьш генара схьабогІур бу – цхьаберш къилбаседехьара, вуьш малхбузехьара, кхиберш Синайм цІе йолчу махкара».
Выбор основного перевода