Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьмнаша адамашна беркат дохьийла, гунаша царна нийсо йохьийла. Тешаме хилар лаьттара хьаладер ду, нийсо стигалара схьа охьахьоьжур ю. КІелхьардовларан хьостана чуьра хи оьцур ду аша самукъадаларца». Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш, абаденналц лаьттан дола деш хир ду. И халкъ Ас доьгІна синтар ду, Сан куьйгийн болх бу, Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду. Лаьтто шен ялта кхиоре терра а, бешо стоьмаш хьалабахаре терра а, Везачу Эло нийсо кхуьуьйтур а ю, массо а халкъашна хьалха Шена хастамаш бойтур а бу. Шайн дегнаш чу нийсонан хІу таса, тІаккха безаман ялта кхуьур ду шуна. Керла латтанаш а дІааха, хІунда аьлча Веза Эла лаха веза хан тІееана. Ша веанчу дийнахь шуна тІе нийсо, догІа санна, Цо тІеІанор ю.
Выбор основного перевода