Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа латта даьсса а, кегарин а дара, гобаьккхина кІорга хи а, Іаьржа бода а бара, ткъа Делан Са хиш тІехула лелаш дара. ТІаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хІуманашна тІехь: хи чуьра а, лаьтта тІера а дийнаташна тІехь а, лаьттан текхаргаш тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге лаьтта тІехь а». И дерриг а гайтина дара шуна, Веза Эла Дела вуйла шуна дІахаийтархьама. И воцург, кхин цхьа а Дела вац. Стигал Везачу Элан долахь ю, ткъа латта Цо адамашна дІаделла. Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дІасаяржийначу а, латта а, цунна тІехь долу массо хІума а дІасадаржийначу а, цунна тІехула лелачу адамашна садеІар а, дахар а лучу а Везачу Дала: «Со хьуна хьалхаваьлла дІагІур ву, лаьмнаш дІа а шардеш. ЦІестан кевнаш кегдийр ду Ас, аьчка гІораш отур ду. Со ву латта кхоьллинарг, цунна тІехь адам а Ас кхоьллина. Сайн куьйгашца стигалш дІасаяржийна Ас. Малх а, бутт а, седарчий а Сан омрица лелаш ду.
Выбор основного перевода