Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а хенахь Везачу Элах тешна Іаш хила, веккъа Веза Эла гуттаренна а йолу тарх санна волу дела. Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац». Кхера ма кхера – кхин юьхьІаьржачу хІуттур яц хьо. Эхь хеташ ма хила – кхин аьшнаш йийр яц хьо. Хьайн жимачу хенахь юьхьІаьржачу хІоттар дицлур ду хьуна, хьайн йисина Іаш сий дайна хилар дага а догІур дац хьуна. Шух дийна бисинчарна, халкъашна юкъахь йийсарехь Іаш болчу хенахь, Со дагавогІур ву. Шайн тешаме доцучу дегнашца Сох дІадовларна а, церан бІаьргашца цІушна тІаьхьахІиттарна а Суна халахетта хиларх кхетар бу уьш. Иштта, церан шаьш-шайх дог дер ду, шаьш лелийна вон хІуманаш а, шаьш мел дина дегаза гІуллакхаш а бахьана долуш. ТІаккха Аса Сайн еза цІе Сайн Исраилан халкъана дІайовзуьйтур ю. Ас кхин сийсазйохуьйтур яц Сайн цІе, ткъа массо а къаьмнашна дІахуур ду, Веза Эла волу Со Исраилан халкъан Везаниг вуйла. Цул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ кІелхьардоккхур ду, яздина ма-хиллара: «КІелхьардохург Цийонера вогІур ву. Якъубан тІаьхьенан ерриг а Іесалла дІайоккхур ю Цо.
Выбор основного перевода