Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло халкъе эр ду: „Мичахь бу деланаш, царах тешна шу Іийна йолу тарх, Даха а гІой, шаьш хаьржинчу деланашка гІо деха. Цаьрга дахийта шаьш хьоьгучу баланах кІелхьара». Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза? Хинйолу тІаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина? Со, Веза Эла, хьалхарниг ву, тІаьххьарчаьрца а Со изза хир ву. Массо а халкъаш цхьаьна гулдина а ду, дерриге а къаьмнаш вовшахтоьхна а ду. Церан деланех хьан аьлла хиндолчух лаьцна? Юьхьанцара дуьйна хилларг хьан хаийтина? Шайн тешаш балабайта цаьрга, уьш бакъхилар гайта а, церан дешнаш дІахезча, кхечеран „Иза бакъ ду“ ала йиш хилийта а. Бухадисинчу дечигах цо дела во, шен цІу. Цунна Іибадат а деш, стага боху: «КІелхьарваккхахьа со, хьо сан дела ма ву». Царна хІумма а ца хаьа, уьш хІумманах а ца кхета. Церан бІаьргаш а, дегнаш а дІакъевлина ду, царна са ца гайта а, церан кхетам ца хилийта а. Стаг ца кхета, цуьнан хьекъал ца кхочу ала: «Ах дечиг цІергахь дага а дина, цу тІехь бепиг а деттина, жижиг а кхерзина ас. Ткъа дисинчух аса дегаза цІу вийр варий те? Дечиган юьхкана со сужда гІур варий те?» Наха, шайн бохчанаш схьа а достуш, деши охьахоьцу, терзанаш тІехь дети узу цара. Дашо пхьере а кхойкхий, шайна цІу войту цара. Юха, цунна хьалха охьа а теІаш, Іибадат до цара. Шайн белшаш тІе а вуьллий, дІахьо цара цІу. Шен метта дІахІоттаво цара иза, цигахь иза лаьтта. Цигара меттах а ца волуш, лаьтта иза. Цхьаммо шега мохь хьекхахь а, цо дуьхьал жоп а ца ло я вочу балхах цхьа а кІелхьар а ца воккху. И цІуш кха тІе дІахІиттош йолу мунданаш санна ю. Уьш бист а ца хилало, уьш карахь дІасалелайо, шаьш уьш лела ца ло дела. Царах кхера ца оьшу, хІунда аьлча цаьрга вон далур дац, амма цаьргара диканиг а дер дац».
Выбор основного перевода