Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна хуур ду Со церан Веза Дела вуйла, царна юкъахь Іархьама, уьш Мисарара арабаьхна волу. Со церан Веза Дела ма ву». Иштта церан паччахьаш, гІоьмеш а тоьхна, набахти чу бохкархьама а, царна уллорачу хьалдолчу нахана буржалш тохархьама а хуьлийла иза. Айса дІакъастийначаьрга омра дина Аса, Сан дозаллех самукъадолуш болчу Сайн тІемалошка кхайкхира Со Сан бекхам кхочушбе аьлла. Везачу Эло Якъубан тІаьхьенах къинхетам бийр бу, Исраилан халкъ юха а Шен халкъ санна схьакъастор ду Цо. Шайн лаьтта тІехь исраилхой баха ховшор бу Цо. Кхечу къаьмнех болу нах царах дІакхетар бу, Якъубан тІаьхьенах хотталур бу уьш. Къаьмнаша исраилхошна гІо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тІаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тІехь, леш а, гІарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хІинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гІело йиначарна тІехь цара хІинца олалла дийр ду. Цу хенахь массо а ницкъийн Везачу Элана лерина сагІа доккхур ду лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъо. Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагІий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. Цийон-лома тІехь, массо а ницкъийн Везачу Элан меттехь, дохур ду и сагІанаш. ХІунда аьлча Со Веза Эла, хьан Дела, Исраилан Веза Дела, хьан КІелхьардоккхург ву. Ас Мисаран къам дІало хьан паргІатонах. Хуша а, Себа а дІало хьох. Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац. Ас хьуна ницкъ лур бу, хьуна Со вевзаш вацахь а. Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дІалечкъийла а! Хьо волчу догІур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьІІера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Іамал еш а хилла. Амма цу цІуша царна цхьа а тайпана гІо ца дина. Оцу чувеанчу стеган деган къайленаш массарна гучуевр ю. ТІаккха цо, гора а хІоьттина, Далла Іибадат а деш, эр ду: «Шуна юкъахь билггал Дела ву!»
Выбор основного перевода