Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ас шуна тІедуьллуш долу хІара весет шу кхетийла доцуш а дац, гена а дац. Амма хьо, Сан ялхо долу Исраилан халкъ, Ас хаьржина йолу Якъубан тІаьхье, Сан доттагІчун ИбрахІимах схьадаьлларг, – Кхера а ма кхера, доха а ма доха. Ширачу заманахь дуьйна хІокху хене кхаччалц, дерриг а хиндерг Ас дІакхайкхийна. Ткъа шу Сан тешаш а ду. Со воцург, кхин Дела вуй? ХІан-хІа, кхин цхьа а Тарх яц. Суна ца евза цхьа а». ХІинца, Суна улло тІе а дуьйлий, ладогІа Ас бохучуьнга. Хьалхе дуьйна а ас къайлаха ца дуьйцура. ХІара хила доладелчхьана а, Со цигахь ву», – иштта боху Везачу Эло, ткъа хІинца Хьалдолчу Эло ваийтина со Шен Синца. И Эдомера вогІург мила ву? Мила ву иза, цІен оба а юьйхина, Бацарера вогІург? Мила ву иза сел сийлахь верг оцу Шен духарца, берриг а Шен ницкъаца сел онда верг? «Со ву иза, нийсонца олуш верг, адамаш кІелхьардаха нуьцкъала а волуш». Аша Со лохур а ву, Со шуна карор а ву. Нагахь санна аша Со доггах лахахь, Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дІалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дІадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. Іийсас жоп делира цуьнга: «Аса, хьул ца деш, дерриг дІадийцира дуьнене. Гуттара а гуламан цІеношкахь я Делан цІа чохь, вайн массо нах гуллучохь, хьехамаш бора Аса. Аса къайлаха хІумма а ца дуьйцура.
Выбор основного перевода